Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас дІаелира гадахошна а, раабанхошна а, Юсупан кІентан Маннашан ахтайпанна а эмархойн паччахь хилла волчу Сихьонан пачхьалкх а, Башанан паччахь хилла волчу ІовгІин пачхьалкх а – берриге а и мохк а, цунна тІехь йолу гІаланаш а, гІаланашна гонах долу латтанаш а. Везачу Эло Мусагахула тІе-ма-диллара, кхаж а тосуш, дийкъира цара иза исс тайпанна а, Маннашан эха тайпанна а. Шина тайпанна а, Маннашан тайпанан вукху эханна а Мусас Йорданал дехьа, малхбалерчу агІор, дакъа деллера, ткъа Левин тайпанах болчарна царна юкъахь дакъа ца деллера.
Выбор основного перевода