Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара ду лаьттан доза: къилбаседехьа йолчу йистехь иза Дуьненаюккъерчу хІордана тІера дІадолало, тІаккха Хьетлонехула, Хьаматан Іин тІе дІакхочу. Цигара дІа Хьамат-гІала а, Берата-гІала а Дамасакханий, Хьаматаний юккъехь йолчу Сибраймана тІекхочу. Цигара дІа Хьавранаца доза долчу Хьацар-Тихунана тІе кхочу. Иштта, лаьттан къилбаседера доза хІордана тІера дуьйна Дамасакхан кІоштан къилбаседерчу дозанахь йолчу Хьацар-Іейнана тІехь хир ду, цигара дІа къилбаседехьа йолчу Хьамат-гІала лаьттачу меттигца а хир ду.
Выбор основного перевода