Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тІаьхьенна дІалур ду хІара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц, Цул тІаьхьа, Іацмун-гІаланах тІех а даьлла, Мисар-мехкан дозанехь долчу хица дІа а дахана, Дуьненаюккъерчу хІорда тІе доьдура иза. Цигахь чаккхе яра цуьнан. Иштта дара ЯхІудан тІаьхьенан къилбехь долу доза. Ашдод, шеца йолчу гІаланашца а, ярташца а, Іази, шеца йолчу гІаланашца а, ярташца а Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІекхаччалц а, Дуьненаюккъерчу хІорда тІекхаччалц а.
Выбор основного перевода