Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу кхаа тайпанна дІаделла долчу латтанийн малхбузера доза Іариба-тогІи чохь долчу Йордан-хина тІекхаччалц дара. И доза Канарота тІера Дуьрачу хІордана уллохь болчу Пасга-ломан кІажина тІекхаччалц дара. къилбаседехьа лаьмнаш тІехь Іаш болчу паччахьашна а, Іариба-тогІи чохь Канаротана къилбехьа йолчу агІор Іаш болчу а, лаьмнийн когашкахь а, малхбузехьа Напат-Дорехь а Іаш болчу паччахьашна а тІе. Ткъа иштта цо паччахьалла деш Іариба-тогІи чуьра малхбалехьа долу латта а дара, Канарот-Іома тІера Дуьрачу хІорда тІекхаччалц долу. Кхин а Байт-Яшимутана тІера къилбехьа Пасги-лома тІекхаччалц а дара цуьнан латта. Наху-пирІуно, Ярушалаймехь ЯхІу-Ахьазе паччахьалла ца дайта, иза Хьамат-махкарчу Рабила-гІалахь набахти чу воьллира. Наху-пирІуно гІуда такхар тІедожийра ЯхІуд-махкана. Шена ши бІе пунт дети а, ши пунт деши а даьккхира пирІуно яхІудхошкара. Цхьана дийнахь, Галилай-Іам йистехула дІавоьдуш, Іийсана ши ваша гира: ШамІий, тІаьхьо Кипа аьлла цІе тиллина волу, Іандаррий. Уьш чІерийлецархой бара. Кхунна гиначу хенахь ши ваша хи чу чІерий лоьцу бой тосуш воллура. Цкъа Гансарт цІе йолчу Іомана йистехь лаьтташ вара Іийса. Дукха адам дара Цунна гонах гулделла, тІе теІаш, Делера долчу даше ладогІархьама. Цул тІаьхьа Галилай-Іоман дехьа болчу берда тІе вахара Іийса. Цу Іомах Тхьабара-Іам олу кхечу тайпана.
Выбор основного перевода