Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудан тайпанна кхаьчна дакъа цуьнан гаранашна юкъахь дийкъира. Церан лаьтта тІехь къилбехьа йолу яьсса аре Цин Эдом-махкаца доза лоцуш яра. Церан къилбехь долу доза Дуьрачу хІордан къилбехь болчу берда тІехула долалуш дара. Къилбехь Акхрабайм-Іинна тІе а дахана, Цин цІе йолчу яьссачу аренехула чекх а даьлла, Кхадеш-БарнаьІа-гІалин къилбехьарчу агІонна тІе а дахана, Хьацрани-гІалех тІех а даьлла, цигара дІа Адар-гІала йолчу хьала а даьлла, КхаркхаІ-гІала йолчухьа дІахьаьвзаш дара и доза.
Выбор основного перевода