Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу буса Мисарахула чекхвер ву Со. Доьзалехь хьалха дуьнен чу даьлларг дуьйр ду Ас, адамна тІера хьайбанна тІекхаччалц. Мисархойн массо а деланашна тІехь кхел йийр ю Ас. Со Веза Эла ву. Цундела таханлера де гуттар а дагахь латтаде, цу дийнахь аша дагадоуьйтур ду Ас шайна динарг. И де даздарца шун тІаьхьенаша гуттар а йолчу хенахь Веза Эла лорур ву». Нагахь цхьаммо стаг вехь, иза вен веза. Амма нагахь санна цхьаъ вукхуьнан мостагІа а хилла, иза лар а вина, цунна тІе а кхетта, иза вен а вийна, царах цхьана гІала дІавадахь, тІаккха цуьнан гІаларчу къаноша, иза цигара схьалаца цунна тІаьхьа нах бахийта беза. И стаг чІир йоькхучу нехан кара дІавала веза, иза валийтархьама.
Выбор основного перевода