Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа левихой ца богІура шайн дайн тукхамашца багарбинчарна юкъа, «Левин тайпанах берш багарбинчарна юкъа ма бахийта, церан исраилхошца цхьаьна хьесап а ма де. Везачу Эло тІедилларца Мусас а, АхІарона а вагарвина волу цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша левихо, церан тукхамашка хьаьжжина, ткъе ши эзар вара (22000). Везачу Эло АхІароне элира: «Церан долчух цхьа а тайпа лаьттан дакъа а хир дац хьан, цигахь латта а хир дац хьан долахь. Лаьттан декъан метта Со хир ву хьан, исраилхошна юкъара хьан дакъа хир ду Со. Халкъо ша схьадаьккхинчух Суна схьалуш долу дерриге а уьтталгІа дакъош Аса левихошна дІало, цара гуламан четарца доьзна долу гІуллакх деш хиларна. ХІинца дуьйна Исраилан халкъ гуламан четарна юххе даха ца деза, ша, къилахь а хилла, ца далийтархьама. Гуламан четарца доьзна долу гІуллакх левихоша дийр ду, ткъа цара жоп дала деза муьлххачу а четарна дуьхьал даьллачу зуламах. Иза шуна а, шун тІаьхьенна а гуттаренна а тІедиллина ду. Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна, хІунда аьлча Исраилан халкъо ша схьадаьккхинчух Суна лерина дІалуш долу уьтталгІа дакъа Аса царна кхочуьйтур ду. Цундела царах лаьцна Аса аьлла: „Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац царна“». Шайн гІаланашкахь болу левихой биц ма белаш, хІунда аьлча церан долахь, шун санна, шайн лаьттан дакъа дац. Левин тІаьхьенна дакъа ца делира Мусас. Исраилан халкъан Везачу Далла деана сагІанаш ду церан дакъа, Везачу Эло левихошка ма-аллара.
Выбор основного перевода