Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн тайпанашка хьаьжжина, кхаж тасарца дІадекъа и латта. Гара доккхаха делахь, цунна лаьттан доккхах долу дакъа кхачийта, ткъа жимаха делахь, цунна жимах долу дакъа кхачийта. Кхаж тасарца царна мел кхочург церан долахь хир ду. Шайн дайн тайпанашка хьаьжжина, шайна юкъахь дІадекъа и латта. Исраилан халкъана тІе а дуьллуш, Мусас элира: «Аша, кхаж а тесна, доккхун долу латта хир ду иза. Везачу Эло исс тайпанна а, Маннашан тІаьхьенах долчу ахтайпанна а лур ду аьлла иза, ХІара ду исраилхошна юкъахь Йордан-хина малхбузехь болу КанаІан-мохк бекъарх долу дийцар. Мохк боькъуш, цунах царна дакъош дира динан дас ЭлиІазара а, Нунин кІанта ЮшаІа а, исраилхойн тайпанашкахь болчу доьзалийн тхьамданаша а. Везачу Эло Мусагахула тІе-ма-диллара, кхаж а тосуш, дийкъира цара иза исс тайпанна а, Маннашан эха тайпанна а.
Выбор основного перевода