Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Айхьа исраилхой багарбечу хенахь хІоранга а шен синах Везачу Элана мах балийта, цу хенахь царна юкъахь кхераме хІумма а ца хилийтархьама. Багарбинчу наха деана дети ши бІе пунт, цхьа эзар ворхІ бІе кхузткъе пхийтта деза шекхал дара. Багарбинарш ткъа шарал тІехбевлларш бара, уьш ялх бІе кхо эзар пхи бІе шовзткъе итт стаг хилира. Царах хІораммо а ах шекхал дети деара, дезачу шекхалан барамехь узуш. «Дерриг а Исраилан халкъан, дагар а деш, хьесап де, церан тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. ХІорра а боьршачу стеган цІе дІаязъе. Ахьа а, АхІарона а ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу нах, шайн тІеман тобанашца багар а бай, Исраилан халкъан эскарехь гІуллакх дан мегаш болчеран хьесап де.
Выбор основного перевода