Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Маннашан кІентий бара: арамхо йолчу гІарбаш-зудчо вина волу Асриал а, иштта ГалІадан да Макир а. Макира Хьупиме а, Шупайме а зударий балабайтира. Цуьнан йишин цІе МаІха яра. ШолгІачу кІентан цІе яра Цалпихьад. Цалпихьадан йоІарий бен ца хилла. Макиран зудчо МаІхас, кІант а вина, цуьнан цІе Параш тиллира. Парашан ваша Шераш вара, ткъа Парашан кІентий бара: Улам, Рекхам. Уламан кІант вара Бедан. Иштта бара Маннашан кІентан Макиран кІант волчу ГалІадан кІентий. Цуьнан йишас Мулката а бира кІентий: ИшхІуд, Абу-Іезар, Махьила. ШамидаІан кІентий хІорш бара: Ахьъян, Шехем, Ликхахьи, АнІами.
Выбор основного перевода