Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муса и дешнаш аьлла ма-велли, царна бухара латта дІасадекъаделира. Лаьтто и нах, церан хІусамаш, Кхорахьан берриге а нах, церан долахь мел долу хІума а дІаийцира. Шайн долахь мел хиллачу хІуманца, дийна боллушехь, лаьттан кийра а бахана, эхарта чу бахара уьш. Лаьтто дІахьулбира уьш. Халкъана юкъара, хІаллак а хилла, дІабевлира уьш. Царна гонах хилла болу исраилхой, хІокхара маьхьарий хьаькхча, дІабевдира. Кхайкха а кхойкхуш, цара доьхура: «Тхо а лаьтто дІа ма кхоллийла!» – бохуш. Везачу Элера цІе йоьссира, цо дІакхаьллира хаза хьожа йогІучу сегІазан сагІа доккхуш волу ши бІе шовзткъе итт стаг. Шаьш латийначу къинна мах баларца беллачийн нойх лаьцна аьлча, уьш йоха а яй, шар а яй, царах йина юткъа экъанаш сагІа доккхучу кхерчана тІелаца, хІунда аьлча и нойш Везачу Элана хьалха еана яра, цундела уьш язйинера. Уьш Исраилан халкъана билгалонна хир ю“».
Выбор основного перевода