Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІаронан кІенташа, Надаба а, АбихІус а, хІораммо а богуш болу кІора дІасабахьа шен ной схьа а эцна, цу чу цІе а, хаза хьожа йогІу хІума а йиллира. Амма Цунна хьалха цара еана цІе хийра яра, хІунда аьлча Везачу Эло царна тІе ца диллинера ишттаниг дан. ЦІеххьана Везачу Элера цІе елира, ткъа оцу цІеро уьш дІакхаьллира. Иштта и шиъ Везачу Элана хьалха велира. Надаб а, АбихІу а Везачу Элана хьалха велира, цара Синай цІе йолчу яьссачу арахь лато магийна йоцу цІе Цунна хьалха еача. Ткъа цу шиннан бераш хилла а дацара. Шайн да АхІарон дийна мел волчу хенахь, ЭлиІазара а, Итамара а Далла, динан дайша санна, гІуллакх дора.
Выбор основного перевода