Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІорш ю Мисар-махка баьхкинчу Исраилан кІентийн цІераш (Якъуб а, цуьнан тІаьхье а): Якъубан хьалхара кІант Раабан. Раабанан кІентий: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма. Мусан а, АхІаронан а дайн тІаьхьенаш хІорш яра: Исраилан хьалхарчу кІентан цІе Раабан яра. Раабанан кІентий бара Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма. Царах Раабанах схьадевлла гаранаш хилира. Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан кІентий хІорш бара. (Иза дуьххьарлера доьзалхо вара, амма цо шен да дІавуьжу мотт сийсазбаьккхина дела, дуьххьарлера доьзалхочун бакъонаш Исраилан кІант волчу Юсупан кІенташна дІаеллера. Иза бахьанехь Раабанан цІе дуьххьарлерчу доьзалхочун санна дІаязйина яц. ЯхІуд шен вежарел нуьцкъала хиллехь а, цуьнан тайпанара халкъан куьйгалхо схьаваьллехь а, дуьххьарлерчу доьзалхочун бакъонаш Юсупан долахь хиллера.) Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан кІентий хІорш бара: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма.
Выбор основного перевода