Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара къаной тІаьхьа а хІиттабай, халкъана хьалхāхула чекхвала. Айхьа Нил-хи тІе тухуш лелийна Іаса хьайн кара схьаэца. Уьш мацбеллачу хенахь стигалара кхача а белира Ахьа царна. Уьш хьагбеллачу хенахь тІулгах даьккхина хи а делира Ахьа царна. Ахьа цаьрга элира, дІа а гІой, царна, куьг а айина, дІадала чІагІо йина долу латта церан дола даккха. Яьссачу аренгахь Цо, тархаш екъа а екъна, кІоргачу хІорда санна шортта хи царна лора. Тархах Іовраш Цо охьайолаялийтира, татолаш санна, хиш а дІасадаьржира. Акхароша Сан сий до, чангІалкхаша а, бухІанаша а Со хаставо, хІунда аьлча Ас яьссачу аренга хиш даладо, эрначу аренгахь Ас татолаш хоьцу, Айса хаьржинчу Сайн халкъе хи малийтархьама. Везачу Эло Шен халкъ яьссачу аренехула дІадуьгучу хенахь, наха хьогаллина бала ца лайна. Дала тархах хи даьккхина царна. Цо тарх екъча, хи охьадоладелла.
Выбор основного перевода