Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СеІирехь бехачу вайн гергара къам долчу Іесаван тІаьхьенан лаьтта юххехула тІех а девлла, Эйлатера а, Іецйон-ГІебарера а боьдучу некъах дІа а дирзина, Муабин яьссачу аренна тІедоьлхура вай. „Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Тхо, я аьтту, я аьрру агІор дІа ца доьрзуш, нийсса новкъахула дІагІур ду. тхуна СеІир-лаьмнаш тІехь бехачу Іесаван тІаьхьенах болчара а, Іар-гІалахь бехачу муабахоша а дина ма-хиллара, Йордан-хина дехьа а девлла, тхайн Везачу Дала тхайна луш долчу лаьтта тІе тхо дІакхаччалц“. Цигара исраилхоша шайн векалш бахийтира Эдомерчу паччахьна тІе хабар эцна: ‘Хьайн лаьттана тІехула дІадаха пурба лахьара ахьа’, – аьлла. Амма Эдоман паччахьо и пурба ца делира царна. Цара иштта муабахойн паччахьна тІе а бахийтира векалш. Цо а шен лаьттана тІехула дІадаха пурба ца делира царна. Цундела Исраилан халкъ Кхадешахь сецнера. Цул тІаьхьа Исраилан халкъ яьссачу аренгахула дІадахара, эдомхойн а, муабахойн а латтанашна гобоккхуш тІех а долуш. Уьш муабахойн лаьттан малхбалехьа йолчу меттехь, Арнон-хин йистехь, севцира. Муабахойн лаьттана тІе ца бевлира уьш, хІунда аьлча церан лаьттан доза Арнон-хица дара.
Выбор основного перевода