Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу меттиган цІе Масса а, Мериба а тиллира цо (церан маьІна «зер» а, «лер» а бохург ду), хІунда аьлча цигахь исраилхой, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цунна луьйш а, Иза зуьйш а бара: «Веза Эла тхоьца ву я вац?» – бохуш. Мусас элира АхІароне: «ХІара дара Везачу Элана ала лууш хилларг, Цо иштта аьлча: „Суна уллохь болчара Со Веза хилар лара деза, ткъа дерриг а халкъана хьалха Сан сийлалла къобалдан деза“». Амма АхІарон вист а ца хуьлура. хІунда аьлча Цин цІе йолчу яьссачу арахь хиш долчу меттехь халкъ карзахдаьллачу хенахь, ахьа а, АхІарона а, Аса шуьшинна тІедиллинчунна дуьхьал а волуш, халкъана хьалха Сан возалла къобал ца дира». (Уьш дара Цин цІе йолчу яьссачу арахь долчу Мериба-Кхадеш-шовданан хиш.) Шу бахьана долуш Веза Эла суна а оьгІазвахана. Цо элира: „Хьо а вер вац оцу лаьтта тІе. Амма Веза Эла шу бахьана долуш суна оьгІазъоьхура. Цо ла ца дуьйгІира соьга. Везачу Эло соьга иштта элира: „Тоьар ду! Кхин ма дийца Соьга цунах лаьцна! Пасга-ломан боххье хьалавала. ДІахьажа малхбалехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а. Дерриг а гуш долчуьнга дикка хьажа, хІунда аьлча Йордан-хина дехьа валалур вац хьо! Иза иштта хир ду, исраилхошна юкъахь, Кхадеш-гІалина уллохь йолчу Мериба-меттиган хиш долчохь, яьссачу Цин олучу аренгахь, шуьшиъ Суна тешаме воцучу тайпана лелла дела а, веза волчу Суна богІу ларам аша шимма ца гайтина дела а. Левихойх лаьцна а иштта элира: «Хьан Тумим-тІулг левихошна дІабелла, Хьан Урим-тІулг Хьуна тешамечеран долахь бу. Ахь уьш Массехь зийнера, Мериба-хиш долчохь цаьрца къийсинера. «Дуьхьал ма дийлалаш, Мерибахь а, Массехь а санна а, зеран дийнахь яьссачу арахь санна а.
Выбор основного перевода