Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КанаІан-махкахь гулдина даьхни а, бахам а шайца схьаийцира цара. Шен ерриг а тІаьхьенца Мисар-махка веара Якъуб. Мисархоша шайн хьаькамаш хІиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаІамсас а цІераш йолу гІаланаш йира исраилхоша пирІунна, шайна чохь тІаьхьалонна хІума латто. Исраилхоша Мисарахь диъ бІе ткъе итт шо даьккхинера. Амма мисархой тхоьца къиза бара, цара тхуна гІело а йора, тхоьга хала белхаш а бойтура. Якъуб Мисаре веара. Иза а, вайн дай а цигахь кхелхира. Иза вайн халкъ Іехош вара. Вайн дайн халкъана ницкъ бора, вайн бераш дІатуьйсуьйтура, уьш дийна ца дисийтархьама.
Выбор основного перевода