Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІаронна дина деза духарш цуьнан кІенташна дуьсур ду, и духарш шайна тІехь а долуш, уьш, тІе даьтта а дуттуш, Суна леррина гІуллакх дан къобалбархьама. ВорхІ дийнахь и духарш лело деза АхІаронан метта веанчу цуьнан кІентех волчу а, гуламан четаран езачу чоьнахь Суна гІуллакх дан цу чу воьдун волчу а динан дас. Везачу Эло шена тІедиллина ма-хиллара, динан да АхІарон ХІор-лома тІевелира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьлла шовзткъа шо долуш, АхІарон цигахь дІакхелхира. Иза дара пхоьалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь. АхІаронан цхьа бІе ткъе кхо шо дара, иза ХІор-лома тІехь дІакхелхинчу хенахь. (Исраилхой Баировт-Баней-ЯІакханера гІунаш тІера Мосире дІабахара. АхІарон дІакхелхира, иза цигахь дІавоьллира. Цуьнан метта динан да дІахІоьттира цуьнан кІант ЭлиІазар.
Выбор основного перевода