Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусана дуьхьал а бевлла, цуьнга бехкаш дохуш, шайна хи ло бохура цара. «Со хІунда хьийзаво аша? Везачу Элан собар кхачо а хІунда гІерта шу?» – бохура Мусас нахе. Везачу Элана лен доладелира халкъ. Нехан къамелаш а хезна, оьгІазваханчу Везачу Эло царна юкъахь цІе латийра. Уьш лаьттачу меттиган йист ягийра цІеро. Нехан багахь долу лекъарчийн жижиг диъна а далале, Везачу Элан оьгІазалла йоьссира халкъана тІе. Цо хала ун кхетийтира нахана. Мусана а, АхІаронна а реза бацара нах. Цара цу шинга бохура: «Мисар-махкахь я кху яьссачу арахь тхо деллехьара! Везачу Эло тІамехь дайа далийна тхо кху махка? Тхан зударий а, бераш а мостагІашна кхочур ду. Мисара юхадахча гІолехь дацара вайна?» Муса и дешнаш аьлла ма-велли, царна бухара латта дІасадекъаделира. Лаьтто и нах, церан хІусамаш, Кхорахьан берриге а нах, церан долахь мел долу хІума а дІаийцира. Шайн долахь мел хиллачу хІуманца, дийна боллушехь, лаьттан кийра а бахана, эхарта чу бахара уьш. Лаьтто дІахьулбира уьш. Халкъана юкъара, хІаллак а хилла, дІабевлира уьш. Царна гонах хилла болу исраилхой, хІокхара маьхьарий хьаькхча, дІабевдира. Кхайкха а кхойкхуш, цара доьхура: «Тхо а лаьтто дІа ма кхоллийла!» – бохуш. Везачу Элера цІе йоьссира, цо дІакхаьллира хаза хьожа йогІучу сегІазан сагІа доккхуш волу ши бІе шовзткъе итт стаг. Кхорахьа динарг бахьана долуш белларш боцурш, цамгаран ун бахьана долуш велларг верриг а вейтта эзар ворхІ бІе стаг вара.
Выбор основного перевода