Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СеІир-лаьмнаш тІехь бехачу шайн гергарчу къомах болчу Іесавах схьабевллачийн лаьттахула чекхдовла дохкуш ду шу. Уьш шух кхералур бу, делахь а шу ларлуш хилалаш. Эдомхой дІа ма татталаш, уьш шун гергара къам долу дела. Мисархошна а куралла ма елаш, шу церан лаьтта тІехь тІедаьхкина Іийна дела. хІунда аьлча Мисар-махкара схьадогІучу хенахь Исраилан къам, яьссачу аренгахула Эрзийн хІорд болчу а кхаьчна, цигара Кхадеше кхечира. Цигара исраилхоша шайн векалш бахийтира Эдомерчу паччахьна тІе хабар эцна: ‘Хьайн лаьттана тІехула дІадаха пурба лахьара ахьа’, – аьлла. Амма Эдоман паччахьо и пурба ца делира царна. Цара иштта муабахойн паччахьна тІе а бахийтира векалш. Цо а шен лаьттана тІехула дІадаха пурба ца делира царна. Цундела Исраилан халкъ Кхадешахь сецнера. «Аша шайн вешина Якъубана гІело ярна, шуна тІе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хІаллакьхир ду. Шу хьогІаца хьежа ца дезара шайн вежарийн дийне, церан аьтто боьхначу дийне. Шу даккхийден ца дезара яхІудхой хІаллакьхуьлучу дийнахь, аша дозаллаш дан ца дезара церан бохаман дийнахь.
Выбор основного перевода