Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІаран-гІалахь шен ши бІе пхи шо долуш ТІахьир дІакхелхира. ИбрахІим бІе кхузткъе пхийтта шарахь вехира. «Зудчо вина волчу стеган дахар доца ду, иза баланех вуьзна а ву. Веза Эла, сан доІа дІахазахьа, сан узарийн тергам бехьа. Сан бІаьрхишна дуьхьал жоп ца луш ма Іехьа. ХІунда аьлча со кхузахь Хьан хьаша санна ву, сан берриге а дай санна, со тІевеанарг а ву. qac Иqac* сайн лелар Хьан бакъонашна тІе дерзадо ас, сайн дахаран некъех лаьцна ойланаш а йина. ХІора дийнахь балане а, гІайгІане а хуьлу цуьнан болх, ур-атталла буьйсанна а дог паргІат ца хуьлу цуьнан. Иза а ду-кх кхетам тІе ца кхуьу хІума. Шен тешар хиларна, шена лур ду аьллачу лаьтта тІехь Іийна иза, тІевеана стаг хийрачу махкахь санна. Четарш чохь Іийна иза, цуьнца цхьатерра ваІданех тешна волу Исхьакх а, Якъуб а ма-Іарра. Уьш берриге а, тешар а долуш, белла, лур ду аьлларш схьа а эцаза. Амма царна и хІуманаш геннахь гина, уьш царах баккхийбеш хилла. Цара шайх лаьцна аьлла, шаьш девлла леларш а, тІедаьхкина нах а ду лаьтта тІехь.
Выбор основного перевода