Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІашан цІе йолчу меттехь Іийр ву хьо, суна уллохь. Хьан бераш а, берийн бераш а, берриг а бахам а, дерриг а даьхни а схьадаладе. КанаІан-махкахь гулдина даьхни а, бахам а шайца схьаийцира цара. Шен ерриг а тІаьхьенца Мисар-махка веара Якъуб. Мисарахь Юсупна вина ши кІант а цхьаьна верриг а Якъубан доьзалх Мисарахь ваха охьахиънарг кхузткъе итт стаг вара. Мисархоша шайн хьаькамаш хІиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаІамсас а цІераш йолу гІаланаш йира исраилхоша пирІунна, шайна чохь тІаьхьалонна хІума латто. РаІамсас-гІалара гІаш Сакхат-гІала баха арабевлира исраилхой. Божарех ялх бІе эзар гергга стаг вара царна юкъахь, бераш ца лерича.
Выбор основного перевода