Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира цуьнга: «Хаалахь, хьан тІаьхьенах берш хийрачу махкахь тІебаьхкина нах а хилла Іийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бІе шарахь леш а бина, Іазапехь латтор бу уьш. Луьра мацалла яра цу махкахь. аш ала деза: „Тхайн дайша санна, кегий долуш дуьйна даьхни лелош ду тхо!“ ТІаккха ГІашан цІе йолчу махкахь даха охьаховша бакъо лур ю шуна, хІунда аьлча мисархошна Іуй ца беза». Ткъа аша, дІахьедар а деш, шайн Везачу Далла хьалха иштта дІаала: „Сан ворхІе а да ваьлла лелаш волу арамхо вара. Иза, Мисар-махка а вахана, кІеззиг долчу адамашца ваха хиира. Цигахь цунах сийлахь а, нуьцкъала а, алсам долу а халкъ схьаделира.
Выбор основного перевода