Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИбрахІим дийна волчу хенахь хилларг санна, мацалла хІоьттира цу махкахь. Исхьакх ГІарар-гІала пІелаштамхойн паччахьна Абу-Маликана тІе вахара. Дала элира: «Со Дела ву, хьан ден Дела. Кхера а ца кхоьруш, Мисар-махка гІо, цигахь Ас хьох доккха халкъ схьадолуьйтур ду. Да а, вежарий а Мисарахь баха ховшийра Юсупа, царна РаІамсас олучу гІалина уллохь тоьлла латта а делла, пирІуно шена тІе-ма-диллара. Ткъа Исраилан тІаьхьенах болу нах, деба а дебаш, алсамбуьйлуш бара. Берриг а мохк буьзнера цара. ЧІогІа дебийра Везачу Эло Шен къам, церан мостагІел а ницкъ болуш бира Цо уьш. Дала ИбрахІимна делла дош кхочушхуьлу хан тІекхочуш яра, Мисарахь долу вайн халкъ дикка алсамделира.
Выбор основного перевода