Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИбрахІиман долахь долчунна тІехь Іуналла деш цхьа тешаме ялхо вара. Иза схьа а кхайкхина, ИбрахІима элира: «Сан кога кІел куьг а диллий, Ткъа хІинца алийша соьга, сан элах къинхетам а бина, цуьнца нийсо а лелийна, шайн йоІ схьаяла реза хир дуй шу? Алийша, суна дан дезарг хаийтархьама». Исраилан кІенташка чІагІо а яйтина, Юсупа элира: «Дала шуна билггал гІо дийр ду, тІаккха аша сан даьІахкаш кхузара дІаяхьа еза». Везачу Эло Мусага иштта элира: «Хьо дІакхелха денош тІекхочуш ду. ЮшаІ тІе а кхайкхий, гуламан четарна чу воллучохь совца. Ас иза Исраилан халкъана тІехь куьйгалхо санна къобалвийр ву». Муса а, ЮшаІ а, ший а схьа а веана, гуламан четарна чу воллучохь сецира.
Выбор основного перевода