Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Далла хьалха суна чІагІо е, хьо соьца а, сан берашца а, сан тІаьхьенца а ямартло лелош хир вац алий. Со хьайца ма-хиллара, хьо соьца а, хІокху хьо тІевеанчу махкаца а къинхетаме хир ву алий». ИбрахІима жоп делира: «ЧІагІо йо ас». стигалан а, Лаьттан а Дела волчу Везачу Элана хьалха суна чІагІо е, КанаІан-махкара цхьа а йоІ сан кІанте ялайойтур яц алий. Вай кху халкъана юкъахь Іаш ду, амма канаІанхо ма ялаяйталахь цуьнга. ИбрахІиман а, Нахьиран а, церан ден а Дала кхел йойла вайна». Шен дас Исхьакха ма-аллара, Кхерамечу Делах чІагІо йира Якъуба. Якъубе хаам бира: «Хьо волчу хьан кІант Юсуп веана», – аьлла. Шен берриг а ницкъ гулбина, метта охьахиира Исраил. Исраилан кІенташка чІагІо а яйтина, Юсупа элира: «Дала шуна билггал гІо дийр ду, тІаккха аша сан даьІахкаш кхузара дІаяхьа еза». Ткъа паччахьан уллорачара, вайн олахо Дауд паччахь декъалвеш, элира: „Хьан Дала Сулиман цІе хьан цІарал а сов язйойла, цуьнан паччахьалла хьан паччахьаллел а лакхадоккхийла“. ТІаккха Дауд-паччахь ша меттахь волччохь охьатаьІира царна. Тешар хиларна, ша леш, Якъуба декъалбира Юсупан кІентий, шен Іасанна тІе а вазлуш, Далла Іамал йора цо.
Выбор основного перевода