Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха иштта весет дира цо шен кІенташка: «Со сайн дай болчу дІагІур ву кестта. Хьетахочун Іепронан лаьтта тІехь, сан дай болчу хьеха чохь дІаволлалаш со. КанаІан-махкарчу Мамари олучу меттера Махпела цІе йолчу арахь ю и хьех. Хьетахочуьнгара Іепронера нах дІабохка эцначу лаьттаца цхьаьна эцна ю и хьех ИбрахІима. „Сан дас, соьга чІагІо а яйтина, элира: ‘Со леш ву, ас КанаІан-махкахь яьккхинчу къубба чохь дІаволлалахь со’. Пурба ло суна, вахана, сайн да дІаволла, цул тІаьхьа со юхавогІур ву“». КанаІан-махка дІа а ваьхьна, Мамари цІе йолчу меттигна уллохь йолчу Махпела олучу арахь лаьттачу хьеха чохь дІавоьллира цара иза. И хьех цу аренца цхьаьна ИбрахІима хьетахочуьнгара Іепронера эцнера, шен белла нах цу чохь дІабохкархьама. Церан декъий Шехеме схьа а деана, ИбрахІима, дато ахча а делла, Хьамуран кІенташкара эцначу Шехемехь йолчу къубба чу дехкира.
Выбор основного перевода