Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Набухди-Нецара паччахьалла дечу шолгІачу шарахь цунна гора гІенаш. Уьш бахьана долуш синтем боцуш а, наб яйна а вара иза. ТІаккха паччахьо элира цаьрга: «Суна гІан гина. Сан сагатделла. Сайн гІенах кхета лаьа суна». ТІаьххьара а безачу деланийн са шеца долу, Бел-Ташацар цІе йолу Даниал веара суна тІе. (И цІе сан делан цІарах схьаяьлла ю.) Цуьнга дІадийцира аса сайн гІан: Хьуна гина дитт сийлахь вазвина а, чІагІвелла а волу хьо, паччахь, ву. Хьан сийлалла, лакха а даьлла, стигалшка хьалакхаьчна. Хьан олалла дуьненан йисте кхаччалц ду. ТІаккха пирІуно шен хьекъал долу нах а, бозбунчаш а схьакхайкхира. Цара, жиналла а лелийна, АхІарона диннарг дира. Мисарара бозбунчаша, шайн жиналла а лелийна, кху шиммо диннарг дира. ТІаккха пирІунан дог чІагІделира, Везачу Эло ма-аллара, Мусага а, АхІароне а ла ца дуьйгІира цо. Даниала паччахье жоп делира: «Паччахь, ахьа хоьттуш йолу къайле хуур яц хьекъалалла долчарна а, эвлаяашна а, бозбунчашна а, палтосучарна а. Вижначохь сан коьрта чохь дуьхьалхІиттина суьрташ иштта дара: лаьтта юккъехь инзаре доккха дитт гира суна.
Выбор основного перевода