Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха паччахьо шен пІелга тІера мухІар, схьа а даьккхина, жуьгтийн мостагІа волчу а, агІагхо волчу а ХІамдатин кІанте ХІамане дІаделира. Цо иза, жуьгтий хІаллакбе аьлла, шен омра чІагІдеш дІаделира. ХІаманера ша схьаяьккхина йолу шен чІуг, пІелга тІера схьа а яьккхина, Мардахайга дІаелира паччахьо. Ткъа Эсирата Мардахай, ХІаманан цІенна тІехь коьрта тІехьожург вина, дІахІоттийра. Мардахай паччахь волчуьра аравелира, тІехь кІайн а, стигалан басахь а йолу паччахьан бедарш а йолуш. Цуьнан коьртахь доккха дашо таж а дара, тІехь таьІна-цІен вēтанан тоьллачу кІадинах йина йолу оба а яра. Шушан-гІалахь дІахІоттийна доккха деза де а дара, массо а халкъ доккхадеш а дара. ЧІогІа мохь туьйхира паччахьо, бозбунчаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а схьабалабе аьлла. Уьш чубалийча, паччахьо Бавел-мехкан хьекъалалла долчаьрга элира: «ХІара йоза деша а дешна, цуьнан маьІна соьга дийцинчунна паччахьниг санна долу цІен духар а лур ду, цуьнан коча дешин зІе а уллур ю. Пачхьалкхехь даржехь кхоалгІаниг лоруш олахо а вийр ву аса цунах». Ткъа хьох лаьцна суна хезнера дуьйцуш, маьІна дан а, хала долу хІума цхьалхадаккха а хьуна хаьа аьлла. Делахь, хІара яздина долу йоза деша а дешна, ахь цуьнан маьІна дахь, хьуна паччахьниг санна долу цІен духар а тІедухур ду, иштта дашо зІе хир ю хьан кочахь, цул сов, сан пачхьалкхехь даржехь кхоалгІаниг а волуш, олахо хир ву хьох!» ТІаккха, Белшацаран омрица, Даниална, и вазвеш, паччахьниг санна долу цІен духар а тІекхоьллира, коча дашо зІе а оьллира, иза пачхьалкхехь даржехь кхоалгІа олахо ву аьлла, дІа а кхайкхийра.
Выбор основного перевода