Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И паччахьаш а, церан эскарш а тІамана арадевлира. ХІордан берда тІера гІум санна, дукха бара уьш. Говраш а, гІудалкхаш а яра цаьргахь ягар ца яллал дукха. Маданхой а, Іамалекхахой а, кхиболу малхбалерчу мехкашкара бахархой а аренгахь Іаш бара. Уьш, цІоз санна, дукха бара. Церан эмкалш а, хІордан йистехь йолу гІум санна, ягарлур йоцуш дукха яра. Ткъа пІелаштамхой исраилхошна дуьхьал тІом бан кечбелира. Ткъе итт эзар гІудалкх, ялх эзар говрахь волу тІемало, кхин а дуккха а адам кечдира цара. ХІордан йистера гІум санна, дукха бара уьш. Схьа а баьхкина, Байт-Аванна малхбалехьа лаьтташ йолчу Михмасехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара. Цо, чан санна, жижиган догІа даийтира царна тІе, хІорда йистера гІум санна, дукха олхазарш а гІовттийра.
Выбор основного перевода