Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара ду Якъубан тІаьхьенах хилларг. ВуьрхІитта шо долу Юсуп шен вежаршца ден уьстагІий а, гезарий а яжош вара. Цуьнца хуьлуш болу цуьнан вежарий Якъубан шиннан зудчун Балхьатан а, Залпаан а кІентий бара. Юсупа шен вежарша дина вон хІума дега дІадуьйцура. Дауд Шаул волчу дІакхаьчча, иза цунна гІуллакх дан волавелира. Дауд чІогІа везавелира Шаулна, цо цунах шен герзлелориг вира. РахьбуІам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимна хьехамчаша санна гІуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуІама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хІун аьлча бакъахь хета шуна?» – аьлла. Амма шега къаноша бина хьехам РахьбуІама дІатеттира. Шеца кхиъна болчу а, шена гІуллакх деш болчу а кегийрхойх дагавелира иза. Ша цаьрца къамелаш дича, паччахьна билгалделира цу массо а къонахошна юкъахь цхьа а Даниале а, Хьанан-ЯхІуга а, Мишаале а, Іазар-ЯхІуга а кхочуш ца хилар. ТІаккха хІорш бисира паччахьан кертахь гІуллакх дан.
Выбор основного перевода