Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Цуьнан маьІна иштта ду, – элира цуьнга Юсупа. – Кхо га – иза кхо де ду. Кхо де даьлча, пирІуно хьо лаккха айина, хьалха хиллачу метте дІахІоттор ву. Ахьа, хьалха ма-баллара, пирІуне кад дІалур бу. Амма ас доьху хьоьга, хьайна дика хан тІееача, со дага а ваийтий, суна дика болх хилийтархьама пирІуне со хьахавелахь, набахти чуьра араваккха алий. Іебархойн махкара нуьцкъах схьавалийна со, кхузахь а набахти чуволлал хІума а ца даьлла соьгара». Юсупа динчу маьІнина реза а хилла, коьртачу бепигдоттучо элира цуьнга: «Суна а гира гІан: ас коьрта тІехь латтош кхо тускар дара, чохь бепиг а долуш. Лакхарчу тускар чохь пирІунна деттина бепиг дара, амма иза олхазарша, зІакарш а етташ, дууш дара». «Цуьнан маьІна иштта ду, – элира Юсупа. Кхо тускар – иза кхо де ду. Кхо де даьлча, хьо а пирІуно лаккха хьалаойур ву – хьокханна тІе а хаийна, ткъа олхазарша хьан дегІах зІакарш еттар ю».
Выбор основного перевода