Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло къен верг чена юккъера хьалаайаво, овкъарш юккъера мисканиг схьавоккху. Иза хьалдолчаьрца нийсса дІахІоттаво, цаьрга паччахьаллин сийнна шерет дойту. Дуьненан бух Везачу Элан ма бу, цу тІехь Латта ДІахІоттийнарг а Иза ву. Мисар-мехкан паччахьо мукъаваьккхира Юсуп, набахтера араваьккхира иза къаьмнийн олахочо. Къен верг Цо хьала а воккху хотта юкъара, мисканиг Цо хьала а ойу ченна юкъара. Цо уьш элашна юкъа охьаховшабо, шайн халкъах болчу элашна ховшабо. Арихана, сихха Даниал паччахьна тІе а вигна, элира: «Йийсарехь болчу ЯхІуд-махкарчу кІенташна юкъахь цхьа стаг карийна суна, паччахьна цуьнан гІенан маьІна дуьйцур долуш волу».
Выбор основного перевода