Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дийнна ши шо чекхдаьлча, пирІунна гІан гира: ша Нил цІе йолчу хина йистехь лаьтташ, хи чуьра берстана а, хаза а ворхІ етт, хьала а баьлла, эрзашкахь бажа хІоьттира. Царна тІаьххье кхин ворхІ етт схьабелира Нил чуьра. И бежанаш гІийла а, ирча а дара. Берда тІехь вукхарна юххе дІахІиттира уьш. ГІийлачу бежанаша дерстанаш диира. Эццахь пирІун самавелира. Юха иза дІавижча, кхин гІан гира цунна: цхьана гІода тІехь буьззина а, хаза а ворхІ кан бара. Юха царна тІаьххье хьалабелира кхин ворхІ кан. Уьш гІийла а, малхбалерчу мохо багийна а бара. ГІийлачу кенаша дуьззина долу кенаш дІадиира. Самаваьллачу пирІунна иза гІан дуйла хиира. Іуьйранна синтем байна вара иза. Мисар-махкара массо а бозбунча а, хьекъал долу стаг а схьа а кхайкхина, царна шен гІенаш дийцира цо. Амма цхьанна а церан маьІна дан ца хиира.
Выбор основного перевода