Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Сарета элира Ибраме: «Со дегабаам болуш хиларна бехке хьо ву. Аса сайн ялхо хьуна елира, ткъа хІинца ша доьзалхочух хилча, сол а лакхара хета цунна. Везачу Эло къастадойла, тхойшиннах нийса мила ю». Далла хьалха суна чІагІо е, хьо соьца а, сан берашца а, сан тІаьхьенца а ямартло лелош хир вац алий. Со хьайца ма-хиллара, хьо соьца а, хІокху хьо тІевеанчу махкаца а къинхетаме хир ву алий». Стигалахь, цу лами тІехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахІиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХІинца хьо тІехь Іуьллу латта хьуна а, хьан тІаьхьенна а лур ду Ас. Нагахь санна соьца Исхьакх шех кхоьруш волу, сан деден ИбрахІиман Дела а ца хиллехь, ахь со хІумма а ца луш дІавохуьйтур вара. Амма Далла гина сан халонаш а, ас хьегна къа а, сийсара буса Цо бехказваьккхина со».
Выбор основного перевода