Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Абу-Малика а, цуьнан тІеман хьаькам волчу Пихала а элира ИбрахІиме: «Ахь дечу массо а хІуманна тІехь хьоьца Дела ву. Везачу Эло элира Якъубе: «Хьайн дайн лаьтта тІе, хьайн гергарнаш болчу юхаверза. Со хьоьца хир ву». Нагахь санна соьца Исхьакх шех кхоьруш волу, сан деден ИбрахІиман Дела а ца хиллехь, ахь со хІумма а ца луш дІавохуьйтур вара. Амма Далла гина сан халонаш а, ас хьегна къа а, сийсара буса Цо бехказваьккхина со». Юха, цаьргахула Юсуп декъал а веш, цо элира: «Шена кІелахь сан дай ИбрахІим а, Исхьакх а лелла Дела, таханлера де кхаччалц дерриг а сан дахарехь со Шена тІаьхьа хІоттийна лелла волу Дела, Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца.
Выбор основного перевода