Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Леас кІант вира, цуьнан цІе цо Раабан тиллира (иза «сан бала гина Цунна» бохучух тера ду), хІунда аьлча цо бохура: «Везачу Элана гина аса хьоьгу бала: хІинца мукъана а со езаяла мега сан майрачунна». ГІенах веанчу Дала арамхочуьнга Лабане элира: «Ларлолахь, айхьа Якъубе олург, ойла а еш, алалахь». ИбрахІиман а, Нахьиран а, церан ден а Дала кхел йойла вайна». Шен дас Исхьакха ма-аллара, Кхерамечу Делах чІагІо йира Якъуба. Дауда, царна дуьхьал ара а ваьлла, элира: «Нагахь санна шу, суна гІо дан а лууш, со волчу машарца даьхкинехь, хуьлийла сан шуьца деган цхьаалла. Амма, нагахь санна, суна ямартло а йина, сан мостагІийн кара со дІавала шу даьхкинехь, сан куьйгаш къинойх цІена делахь а, вайн дайн Дала, шуна дагадеанарг а гина, дан дезарг Ша дойла шуна». Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Олийла Исраилан халкъо: «Нагахь Веза Эла вайца ца хиллехь, мостагІий тІелеттачу хенахь, Иза вайца ца хиллехь, хІун хилла хир дара те вайх? Массо а ницкъийн Веза Эла шайн Веза Дела бен ма лара, Цуьнга бен ларамах дуьзна ма хила, Цунна хьалха бен Іадийна ма хила!
Выбор основного перевода