Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалахь, цу лами тІехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахІиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХІинца хьо тІехь Іуьллу латта хьуна а, хьан тІаьхьенна а лур ду Ас. Іуьйранна хьалххе хьалагІаьттина, ша дІавуьжуш коьрта кІел биллина тІулг ирхберзийна дІахІоттийра цо. Цу тІе даьтта а доьттина, и тІулг Далла лерина битира Якъуба. Цу меттигах Луз олура, амма Якъуба цуьнан цІе Бетал тиллира (иза «Делан цІа» бохург ду). Цо дуй биира: «Нагахь Дела соьца хир велахь, со дІа а, схьа а вогІучу новкъахь Іалаш а веш, нагахь Цо суна даар а, духар а лахь, нагахь со могуш-маьрша сайн ден цІа юха а верзахь, Веза Эла сан Дела хир ву. Ас кхузахь хІара тІулг хІоттийна, цо хІара меттиг, кхузахь Дела волуш, сийлахь юйла хоуьйтур ду. Ахь сайна деллачух уьтталгІа дакъа Цунна юха а лур ду ас». Везачу Эло элира Якъубе: «Хьайн дайн лаьтта тІе, хьайн гергарнаш болчу юхаверза. Со хьоьца хир ву». Якъуба элира: «Сан деден ИбрахІиман а, сан ден Исхьакхан а Дела, Веза Эла, Ахь элира соьга: „Хьайн лаьтта тІе, гергара нах болчу юхаверза, Ас дика ваха хаор ву хьо“.
Выбор основного перевода