Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТІаккха цу шиннах цхьа дегІ хир ду. Цкъа Лабана элира Якъубе: «Маьхза ахь суна болх беш нийса дац, хьо сан гергара стаг велахь а. Алахьа, хІун ло ас хьуна?» Амма ловзаран кІира ахьа чекхдаккхахь, аса Рахьал а дІалур ю хьуна. Иза долайоккхург кхин а ворхІ шарахь суна болх бан беза ахьа». Дагахь а доцуш, цигахь цхьа Іеса стаг нисвелла хилла. Иза бен-яманхо волчу Бихрин кІант ШебаІ хилла. Цо, коьман маІа а лекхна, элира: «Даудаца болчаьрца вайн нах бац, Юшайн кІант волчохь вайн дакъа а дац. Ва Исраилан халкъ, вешан цІа дІасадовлий вай!» Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца дугІийла гича, паччахье элира: «Вай Даудан цІийнах схьадевлла ма дац! Юшайн кІентан цІийнаца доьзна ма дац вай! Цундела шайн-шайн цІа дерза шу, исраилхой. Даудан кІанта ша дойла шен цІентІехь олалла!» Иштта исраилхой шайн-шайн цІа дІасабахара.
Выбор основного перевода