Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь цхьаммо шен уллорачуьнга Іалашъян я вир, я сту, я уьстагІ, я кхин долу даьхни лахь, амма и даьхни делча, я лазийча, я цхьанна а ца гуш, лачкъийча, Везачу Элана хьалха даьхни схьаэцначо чІагІо ян еза, шега деллачу даьхнина ша тІе ца кхевдина аьлла. Даьхнин дас иза тІеэца деза, вукхо мах бала а ца беза. Нагахь даьхни схьаэцначух цхьаммо и даьхни лачкъийнехь, цунах богІу мах даьхнин дена дІабала беза и даьхни тІелаьцначо. Нагахь даьхни экхано цистинехь, бухайисина чарх дІагайта еза, тІаккха хІусамдена даьхних мах бала безар бац.
Выбор основного перевода