Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо хьайн ден цІа кхача сихвелла дела дІавахана хуьлуьйтур вай, амма сан цІуш хІунда лачкъийна ахь?» Рахьал, цІуш эмкалан нуьйра кІел дІа а лачкъийна, царна тІе хиънера. Четар кІелахь леррина лехча, хІумма а ца карийра Лабанна. Микин шен делан цІа дара. Цо ийпад а, цІуш а бира. Цул тІаьхьа цо, шен кІенташна юкъара цхьаъ къобал а вина, цунах динан да вира. Дауд вуьжучу метта Михулас цІу виллира, цуьнан гІовлангахь газанан цІока а йиллина, тІехула бедарш ехкира. Бавелан паччахь некъ бекъалучу меттехь соцур ву, ша муьлхачу новкъа ваха веза хьожуш пал тасархьама. Цо секхаІодан пхерчий лестор ду, шен цІерачу цІушка хоьттур ду, экханан доІахе хьоьжур ву. Оццу кепара исраилхоша дукха хан йоккхур ю шайн коьртехь я паччахь, я эла воцуш, я сагІанаш, я деланашна хІиттийна тІулгаш а доцуш, деланийн лаам билгалбаккхархьама я ийпад, я цІуш а боцуш.
Выбор основного перевода