Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СеІир цІе йолчу махкара Эдом олучу меттехь Іаш волчу шен веше Іесаве хаам бан нах бахийтира Якъуба. Цо элира цаьрга: «Сан эле Іесаве иштта ала: „Хьан ялхочо Якъуба боху: ‘Со Лабан волчохь хІара де тІекхаччалц Іийна. Сан стерчий а, хьелий а, варраш а, уьстагІий а, гезарий а, ялхой а, гІарбашаш а бу. ХІара кхаъ боуьйту ас хьан къинхетаме сатесна’“». Геланчаша, юха а баьхкина, элира Якъубе: «Хьан ваша Іесав волчохь хилира тхо, иза хІинца хьуна дуьхьал вогІуш ву, шеца виъ бІе стаг а валош». Воьхна а, кхеравелла а хьаьвзинчу Якъуба шеца болу нах а, даьхни а шина тобане дийкъира. Цо ойла йира: «Нагахь Іесав цхьана тобанна тІелатахь, важа, кІелхьара а яьлла, дийна юьсур ю». Якъуба элира: «Сан деден ИбрахІиман а, сан ден Исхьакхан а Дела, Веза Эла, Ахь элира соьга: „Хьайн лаьтта тІе, гергара нах болчу юхаверза, Ас дика ваха хаор ву хьо“. Со хьакъ вац Хьан соьга хедар боцучу безамна а, тешамна а. Со Йордан-хих дехьаваьлча, сан карахь цхьа гІаж бен хІумма а яцара, ткъа хІинца сан шина тобане бекъна бахам бу. Доьху Хьоьга, сан вешех Іесавах со ларвехьа, хІунда аьлча со кхоьру, ван а веана, иза суна а, зударшна а, берашна а тІелатарх.
Выбор основного перевода