Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Нохьас элира: «НеІалт хуьлда КанаІанна. Шен вежарийн лешна хьалха а лай хир ву иза», – аьлла. Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш, неІалт а эр ду хьуна неІалт кхайкхочарна, дуьнен чуьра массо а халкъ хьоьгахула декъал а дийр ду». Везачу Эло жоп делира цунна: «Ши тукхам ду хьан кийрахь, ши халкъ схьадер ду хьох, амма и шиъ декъалур ду. Цхьаъ вукхул онда хир ду, воккхаха верг жимаха волчунна гІуллакх деш хир ву». ЯхІуд, хьан вежарша хастор ву хьо, хьан куьг мостагІийн яьІнаш тІехь хир ду. Хьан вежарий хьуна хьалха охьатаьІар бу. Дижина Іуьллучу лоьмах тера ду и халкъ. Хьан доккхур дара иза меттах? Хьо декъалвийриг декъала ву, ткъа хьуна неІалт кхайкхош волчунна неІалт кхайкхор ду!» Везачу Эло боху: «Суна схьахезна муабахоша сийсаздар а, Іамминхойн лер а. Суна схьахезна царна Сан халкъ дола хетар а, Сан халкъан махка чугІорта гІерташ цара дозалла дар а.
Выбор основного перевода