Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен воккхаха волчу кІанта Іесава лелош долу, цІа чохь долчух тоьлла долу духар, схьа а эцна, жимаха волчу Якъубе тІедохийтира нанас. Исраилан халкъана тхи хилла дІахІуттур ву Со. Цо заза доккхур ду, петІамат-зезаго санна. Ливанунан дитто санна, шен орамаш тосур ду цо. Мерза моз ду хьан багара Іенаш, сан нускал. Хьан матта кІелахь шура а, моз а ду. Ливанунах йогІучу хьожанах тера ю хьан бедарийн хьожа. Кест-кеста шена тІедогІуш долу догІа дІа а худуш, ша лелош волчунна ялта луш долу латта Дала декъалдеш ду. Тешар хиларна, Исхьакха декъалвира Якъуб а, Іесав а, церан хиндолчуьнга хьаьжжина.
Выбор основного перевода