Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ШолгІаниг дуьнен чу волуш, Іесаван кІажа а лаьцна схьавелира. Цундела цуьнан цІе Якъуб тиллира (и ду «КІажалоцург» бохург). И шиъ винчу хенахь Исхьакхан кхузткъа шо дара. «Со мацалла леш ву, нагахь со лахь, ас хІун до сайн хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъонах?», – элира Іесава. Якъуба элира: «Цкъа хьалха дуй баа». Якъубана дуй а биъна, шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо йоьхкира Іесава. ТІаккха Якъуба Іесавана кхоьх йина яа хІума а, бепиг а делира. Іесав, яа а йиъна, мала а мелла, дІавахара. Иштта атта шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дІаелира цо.
Выбор основного перевода