Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна дукхаеза яа хІума а кечъяй, соьга яийта, тІаккха ас декъалвийр ву хьо, со валале». Ахь иза хьайн дена дІахьур ю, тІаккха цо хьо декъалвийр ву, ша валале». «Ву со Іесав, хьан дуьххьарлераниг, – жоп делира Якъуба. – Ахь ма-аллара, дерриг а кхочушди ас. Хьала а гІаттий, хьайна ас дийначу экхан жижиг даахьа, цул тІаьхьа со декъал а вехьа». Шен дена дукхаезаш йолу яа хІума а кечйина, схьавеанчу Іесава элира: «Дада, хІара со ву, хьан кІант. Хьала а гІаттий, айса хьайна дийначу экхан жижиг даа, цул тІаьхьа со декъалвийр ву ахь».
Выбор основного перевода