Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
вай гезарий лелочу метте а гІой, ши буьхьиг я суна. Ас хьан дена хазахеташ йолу яа хІума кечйийр ю. Ахь иза хьайн дена дІахьур ю, тІаккха цо хьо декъалвийр ву, ша валале». Якъуба, тІе а веана, барт баьккхира дена. Іесаван бедарийн хьожа а кхетта, Исхьакха декъалвира иза: «Везачу Эло декъалйинчу аренийн хьожа санна ю сан кІантах йогІу хьожа. Юсупа дена жоп делира: «Уьш Дала суна кхузахь белла кІентий бу». ТІаккха Исраила элира: «Суна тІе валаве и шиъ соьга декъалвайта». Юха, цаьргахула Юсуп декъал а веш, цо элира: «Шена кІелахь сан дай ИбрахІим а, Исхьакх а лелла Дела, таханлера де кхаччалц дерриг а сан дахарехь со Шена тІаьхьа хІоттийна лелла волу Дела, Иштта ду Исраилан шийтта тукхам. Иза элира цаьрга, уьш декъалбеш, церан дас. ХІора а шена доггІучу кепара декъалвира цо.
Выбор основного перевода