Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло жоп делира цунна: «Ши тукхам ду хьан кийрахь, ши халкъ схьадер ду хьох, амма и шиъ декъалур ду. Цхьаъ вукхул онда хир ду, воккхаха верг жимаха волчунна гІуллакх деш хир ву». ЯхІурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхІудан халкъан карара кІелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дІахІоттийра. ЯхІурам шен ерриге а гІудалкхашца ЦаІир-гІала вахара. Иза, буьйсанна тІе а гІоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гІудалкхашна тІера церан хьаькамашна а тІелетира. Ткъа яхІудхойн эскархой шайн цІеношка дІасабевдира. Эдоман халкъ таханлерчу денна тІекхаччалц яхІудхойн карара дІадалларх иштта Іаш ду. Оццу заманахь Либна-гІала а яхІудхошна дуьхьалъяьллера.
Выбор основного перевода