Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша велла дІаваллалц и цамгар текхира Іузи-ЯхІус. Везачу Элан цІийнах дІа а къастийна, къаьсттина лаьттачу цІа чохь Іийра иза. Ткъа паччахьан кІанта Йовтама паччахьан цІенна тІехь куьйгалла а дора, мехкан халкъана тІехь урхалла а дора. Іузи-ЯхІун кхидолчу гІуллакхех лаьцна – дуьххьарлерчунна тІера тІаьхьарчунна тІекхаччалц – яздина Амосан кІанта ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро. Іузи-ЯхІу, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Царна уллохь иза паччахьийн къуббанийн аренгахь дІавоьллира, хІунда аьлча цунах лаьцна олура: «Цунна дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетта». Іузи-ЯхІун метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Йовтам. Ерриг а хенахь, цунна тІехь цамгар мел ю, иза цІена вац. Иза дІакъаьстина Іан веза». Исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхІун кІанта Пикхахьис паччахьалла до шолгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь дІахІоьттира Іузи-ЯхІун кІант Йовтам.
Выбор основного перевода