Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудхойн паччахь волчу Іузи-ЯхІус паччахьалла деш долу шовзткъе шуьйтталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттира Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи. Цо ткъа шарахь, Шамран-гІалахь Іаш а волуш, паччахьалла дира. ТІаккха арамхойн паччахь Рицан а, исраилхойн паччахь Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи а, Ярушалайм дІалаца дагахь, Ахьазана дуьхьал тІом бан вахара. Цара Ярушалаймана го бира, амма толам ца баккхабелира цаьрга. Іузи-ЯхІун кІентан Йовтаман кІант Ахьаз ЯхІуд-мехкан паччахь а волуш, Рицан Арам-мехкан паччахь а волуш, ткъа Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи Исраил-мехкан паччахь а волуш, тІом баьлла. Рицан а, Пикхахьи а тІамца Ярушалайм-гІалина тІелетира, амма цаьрга иза схьа ца яккхаелира.
Выбор основного перевода